Доттаг1

Зура Аутиева
Къилбаседане а хьоьжуш,
Сайн дог достуш цуьнга,1ий..
Доттаг1 кхачаре сатуьйсуш,
Хийла некъаш лар а би.

Аьрзу т1емах хаьдча, т1омахь
Дукха хьедала йиш яц...
Иштта со а - доттаг1 воцуш-
Дег1ехь г1ора долуш яц.

Хета, ларор ю суо аьлла
Вуо-дика сайн дерзадан..
Делахь,лаьа,сайх дог эца,
Уллохь накъост сайна ган.

Лаьа дика цуьнца декъа,
Ирсан ах д1акховдаян...
Лаьа г1айг1ано д1алаьцча,
Сайн дог цуьнга далхадан.

Дахаран некъ цуьнца бекъа,
И сайн хиларх йоккхаян,
Лаам бу сан,ирсан орам
Доттаг1ца сайн къагабан.

Дашо дош ду "доттаг1" бохург,
Маь1на доккха шен долуш...
Даго боху:"Ирсе веха,
Вехарг доттаг1 шен волуш!"