***

Зура Аутиева
Х1ора а денца со дуьненах къехка,
Сийсара хиллачул самукъа доцуш.
Сан кийрахь лела ц1ий бос боцуш кхехка,
Ойлано са лаьцна,синтемах йоккхуш..

Сан кийра баьсса бу,дош доцуш ала...
Хийла мохь беттарна ас къорачуьнга
Йисна со тахана, озах а яьлла,
Йистхила де доцуш ладуг1учуьнца..