Даге

Зура Аутиева
Дуьнен чохь диканиг к1езиг ду алий,
Дахаран халонех хьо къар ма лолахь.
Хьайна т1ех1оьттинарг хьехар а ларий,
Мел доккха зен хиларх,хьо мал ма лолахь.
 
Суьйранна чубузарх, сахуьлуш г1отту
Сийначу стиглара и дашо малх…
Цхьа бала боьссича, дикниг т1ех1утту,
Г1айг1анан лар йойуш хьан дахарехь!
 
«К1адделла, кхин ницкъ бац садетта»,- алий,
Дог, г1ел хьо ма лолахь, куьйгаш д1ахеций,
Дохко хьо дера дац, сатоьхна аьлла,
Хьо парг1ат далалахь, хаза дош алий!
 
Хьо к1еда хиларна, сох буьйлуш хир бу,
Шайх лозуш хьо хилар дагахь а доцуш…
Дог доцу адамаш цкъа кхетар хир ду,
Маьршачу ойланийн аг1о а лоцуш.