Б1аьсте йолуш

Ильмади Цоккуев
Б1АЬСТЕНАН йолуш

Аганара охьайоьсси б1аьсте,

Ша 1аьнна йиллинчу меттехь.

Кхид1а даха муьлха хьакъ ду къасто.

Дийцаршца 1аламан маттахь.

Цкъа х1инца а онда дац тхан болар;

Ког шерший, горйоьду наггахь.

Йаппарш йарца 1аьно денйо кхолар,

Хьалхара юм ца йан даггахь.

Малх-панарца хьаьвхеш толлуш лиела,

Схьалехьош т1аьххьара сетнаш...

Ткъа 1а, миска, денц1а новкъа дели,

Эмгарца дукъ къийсар хьаьхна.