Ша д1абожабелла

Ильмади Цоккуев
Ша д1абожабелла,

Дечге бахна сту а,

1одара д1ахецча

Хьалхха боьжна ч1у а,-

Ларт1ехь дац уьш, данне,

Вай мел х1уъа бахарх.

Кхаа-деа марехь

Еача тар ца йелла,

Шина-кхаа стечух

Зуда йацаелча,

Кхин х1уъа делахь а,

Адамхилар дац-кха!