Цхьа де дог1ур ду

Ильмади Цоккуев
Д1АХАЬИЙЛА ХЬУНА

(Да-нана цкъа а лийр дац моьттуш,

царна хьастабала, догъэца ца кхуьуш, дуьне гездеш лиелачу к1енташка)

Цхьа де дог1ур ду.

Ма де хир ду и!

Дог1ур ду хьуна

Тхойшиъ делла де.

Т1аьхьа сахьийзо

Цхьа а воцуш кхин,

Хьайн хат1дацарца

Цхьалха висна де.

Дог1ур ду и де

Хьере, садукъдеш,,,.

Хьайна магийнарш

Охьадохкун де.

Мукъавоккхуш хьо

Тхан т1едахкарех,

Декхарийн б1оно

Ц1из-п1из воккхун де.


Дог1ур ду и де

Накъост хьаштволуш,

Гергара хеттарш тхо

Орцах ахь кхойкхуш.

Амма царна хьох

Къахетар ма дац,

Долуш санна тхо

Даге хьовсур бац.

Кхаа дийнан белхий

Шай-шайн ц1а г1ур бу.

Хьо тхох даьссачу

Ц1ачу воьрзур ву.

Беа пено хьо

Юкъа1овдур ву

Гездина дуьне

Т1ерал гатлур ду.

Т1аккха доьзало

Юьхьарлоцур ву.

Х1инца тхо ахь санна

Холчах1иттор ву.

Уьш хьан меттана

Кхаьбна долу тхо,

Кочахь бисча хьайн

Ч1ог1а хьаштхир ду.

Буто боданехь,

Гонах х1оьттинчу,

Т1амарш яцайарх

Канаш дузур дац.

Гут1е ваьлла ахь

Орца дехарах

Накъосталлина

Маьрша тхо хир дац.

Т1аккха хуур ду

Хьуо мел къийвелла,

Хьайна,

"Курачу",

Моццул зен хилла.