Г1иллакхан аматаш

Ильмади Цоккуев
Г1ИЛЛАКХАН АМАТАШ

Г1иллакх лиела мел ди ц1инло,--

Оцо хьуна ц1ена дин ло.

Г1иллакх дериг воьвза атта:

Цо буьйцучу оьзда маттах.

Воьдуш-вог1уш дуьхьалкхетча,

И луьйш-олуш хьоьца сецча.

Б1аьрг т1ебоьг1на ца хьажарехь,

Дешан бакъо ца къийсарехь.

Аьрна бага ца г1етторехь,

Хууш мел дерг ца 1етторехь.


Орца аьлча д1ахьадарехь,

Каде хьовза кархдаларехь.

Лула-кулахь самуо йарехь,

"еТуркхан даржах" цакъехкарехь.

Чоелхе г1уллакх къастадечохь

Цо шен белшаш к1елтасарехь.

Цуьнга кхайкха б1обуоларехь,

Эшча вазлой ца хьийзарехь.

Даржашка и ца кхийдарехь,

Теттарх коьрте ца вийларехь.

Дикане ша виехийтарехь,

Вонехь ша ца лиехийтарехь.

Шуьнехь, тойнехь йе тезетахь, Дозанашкахь 1ан хаарехь.

...Оьзда къонах воьвзар ву-кха,

Гуонах сема хьиежахь дукха...

Ишттаниш вайн бацахьара

Дуьне лаьттар дацара, хьаха!