Ц1енадайх молланаш

Ильмади Цоккуев
Ц1енадайх "молланаш"

Бан г1ертачарна

Ванах,хаьий-те,

Т1аккха шаьш

"Молланийн зударий"

Хилла 1ан биезар?

Ц1енаден сийна т1е

Куьг кхийдочара

Ванах, лакъий-те

Къот1алг1а бина

Шаьш боццушехь,

Бераш дех кхиерар?..