Сайн маь1на кхочушдан
Веана со Лаьтта,
Амма сан дог кхузахь
Эзарза даьтт1а.
Эзарза 1овжийна,
Эзарза доьхна.
Дахаро г1аж хийла
Тхойшинна тоьхна.
Эзарза лезна дерг,
Оццулза хиебна дерг,
Моццул хьо тоьур-те?
Зиераш мел дисна-те?
Хьаькмашна зудхьакхар,
Темашна г1адъэхар,
Кхерамна горъэхар,
Хьуна ца деллера.
Моттарг1а сийсайеш,
К1ажъоьхуш, виеларехь,
Нах лахара хиетарен
Со а ца леллера...
Деккъа цхьа ц1ий кховсар
Хьайн декхар долчуха
Юьстах хьо ца 1арна,
Баркалла дог, хьуна.
...Х1ара сан дог хиллера
Дегнех дина а ...
Амма тап карайанц