Йадайахь сох хьуна

Ильмади Цоккуев
Зуда хир яц, хьуна",--

Эли йо1а, елхаийзаеш,--.

К1оршаме т1екховдахь,

Толахь хьо, ас "дов дарх",

Хьоьгахь 1ийр а яц со, хьо везаш".

Хадамболччу озехь,

Юккъе тоьхна доза

Талхацадеш 1авелча ша езарг,

К1анте хилла лерам

Хьийкъи, кхуллуш тешам...

Ц1еналлит1ехь зиерах бели безам!

Дукхадахарш, вовшийн

Хамабарт1ехь къовсий

Дуоладейша хьалхалаьтта дахар!

Мел девзинчар лоьруш,

Масаллина кхоьхьуш

Маь1нех дузур дара-кх цхьаьнадахар !