Х1ара-м 1оттар яций,--
Пхьа бу баьккхинарг.
Ахь ма ойла харций,
"Шаьлта" яьккхина.
Ловш хилахьа бакъдерг,--
Иза-м хьуьнар дай.
Сенаш ира мел дерг
Кхехка ма де хьайх.
Даима ахь бохург
Хилан йиш яц хьуна.
Чемаш цхьаьнабалор
Сийлахьчех ду хьуна.
...Бакъдерг д1атабор-ма
Къонах хилар даций,--
Нахах д1атарлохьа,
Коьшкала и даккхий !