Ган хиларх...

Ильмади Цоккуев
Ган хиларх тоьаш дац дезарг...

Схьадаккха йиш йоцу зезаг,

Бай кхолуш б1аьрхьалха латтарх,

Бехкамо сатийсам артбо.

Ган хиларх тоьаш дац дезарг...

Къобал дац виллина хьиегар.

Эрна ду 1амчохь к1аг иэхкар,

Мел кхазарх малхехь йай кхехкац.

Ган хиларх тоьаш дац дезарг...

Диснехь цхьа дегге ка кхиехьар,

Хьан цуьнца иэг1ар к1елхиъна, Доккхуш хьох чамхьиега лиънарг.

...Ган хиларх ца тоьа дезарг

Зийза-м ло, кхетамехь сиецаш.

Эккхаза дисинчу пардох

Чекх къиедош шен аьхна марзо.