Шу дезаш бен...

Ильмади Цоккуев
ШУ ДЕЗАШ БЕН...

Сааьрта забарш ца тайна,

Ас шуьга хат1 морса аьлларг,

Вайдаха ца аьлла

Шу дезаш бен ас,

Доттаг1ий,

Накъостий,

Со воьвзаш мел болу нах!

Хорамбен харцо ца лайна,

Соьгара к1оршаме даьлларг,

Даьллехь а ца даьлла

Вайн дуьхьа бен сох,

Доттаг1ий,

Накъостий,

Со воьвзаш мел болу нах!

Х1етте а...

Сайн бехках ваьгна,

Къинт1ера шу даха лиъна,

Ас шайга д1абохург

Шуна а хазалаш,

Доттаг1ий,

Накъостий,

Со воьвзаш мел болу нах!