ХЬОЬГА
Сакхдаьлла,
Шен корта айббинчохь
Ламанан лу лаьтта,
Хьан боларх хьаьгна.
Сирлачу шовданан ши т1адам
Сецна хьан цкъоцкъамаш к1ел.
Хьан юьхь-бос тергалбой,
Кечлуш ю ламанан суьйренаш,
Адамийн б1аьрг хьаста лиъча.
Куц-кепийн йохьаллехь
Хьан васто яьккхина балтекх.
Цундела,
Хазалла г1арадоьвлла
Зударийн суьрташ а
Дехкина ду хьуна т1ера.
Дайх дисна, бе-берса,
Сий-лекха г1иллакхаш
Тосало хьан х1ора
Ишарехь, б1аьцехь,
Поэтийн пох1малла тусархо,
Х1ай НОХЧИЙН ЙО1 !!!