Хии суна,
Х1инца хии суна,
Х1ара лаьмнаш х1унда хестийна!
Х1орш гин суна,
Хьаьжча, б1аьрса дулуш.
Цхьана к1ентийн ойла техкийнарш.
Шу хилла-кха,
Кура, къоьжа баххьаш!
Мокхаз-дегнаш кийра тардина,
Маьхкан дургал
Мийлош уьш бахчийнарш,
Дайшна к1ентий т1аьхьа базийнарш!
Шун лекхаллие
Кхийдина цхьа к1ентий.
Ткъа к1ажошкахь доруш-тегна хат1.
Доьналлица
Тусуш дахчаделла,
Маззакъдоьлла, къоман синан лард.