Х1ун дер ткъа

Ильмади Цоккуев
Х1ун дер ткъа,

Х1ун дер ткъа,

Дагах дог даллал,

Хьох йуола ца тигча

Безаман хьу...

Суна хьо ма гойла

Декъаза,

Йоьлхуш,

Сан доцца ирс хилла

Ламанан лу.

1одика йойла хьан,

Со новкъа волу,

Кхечуьнца доцушдан

Т1едеъна "вуон".

Ца веза хьо йицъеш

Ларор ву г1атта,

Даима хьиег1ар бац

1овжаман муо.