Уьйр-мерза даьхча

Ильмади Цоккуев
УЬЙР-МЕРЗА ДАЬХЧА...

Вай ваьшна магадо наггахь(!)

Кхечаьргахь сов ирча хеттарг.

Вовшеха г1алаташ даххал

Ийг1ича...

Юг1у синметта.

Дависа, адамаш, вай-ма

Дезарий уьйр-мерза даха,

Кег-мерса анташ ца лайча

Лах ца деш вовшеха дашар!

Вовшашкахь дуьсу вайн дакъош,

1ожаллин зило къастийча.

Марзонийн хьурмат ца хадош,

Ойланехь, дагахь латтийча,

Дуьненан серло а эцна,

Буточу бодане доьлхуш,--

Ма хазна йара и эццахь,

Айкхйийлан, вай Деле доьхуш!

...Ма к1еззиг зама ю йоккхург

Вай, г1оза, дуьнент1ехь дехаш!

Оьшурий гамдала оццул,

1аббане вовшех ца 1ебаш?