Сан деган 1адат

Ильмади Цоккуев
САН ДЕГАН 1АДАТ

Суо везарг бен суна езац,--

Сан деган 1адат ду и.

Соьгарчу 1азапан декъахь

Йоцчунна хьакъ дуй сан ирс?

Суо везаш мел ерг а езац

(Аларна ма хуьлда къа).

Мил-милла бе-берса хетац:

Чибара чемаш бу сан.

Цхьанметта масийтта езац--

Юкъара1ойла яц дог.

Гомхачохь дог-ойла хьелац,

Деган мах-- шен меха дог.

Суо хазван, цхьанна а иэхьац,

Ца лиела къехкаш а гарх.

Хьаштхилац мерак1ел кхиехьарх,--

Сайна и ца дина марз.

Суо цхьанна кхоьллинарг еза,

(Хир ма ю воьг1нарг со цхьаъ).

Б1аьргаша, кхирстина, эххар

Сан даге боккхур бу кхаъ.