Орцах довла...

Ильмади Цоккуев
ОРЦАХ ДОВЛА..!

(Этюд)

...Сег1аз ду

Чхьагонца 1уьйшуш,

Цхьа дастама х1оьттина д1а.

Куьйгаш ду

Киснашкахь "болхбеш",--

Цхьа-цхьаъ-м лоьху цо билггал...

(Стогаллин 1аьцигаш

Яц-те цо лоьхурш!?)

...Оцу васто хиезадо дешнаш,--

Захалун кегарий,

Иэбинчу маттахь...

Йо1 ю-кх,

Йо1 ю-кх ладоьг1ург!

Йо1 йай и-м,

Кхин хьекъал доцург!

Хьесапан заррат шехь доцург!

Йо1 йай и-м,

Шен везар кхитайпа

Хила а ца веза моьттург!

И оцу вастехь а мегнарг!

Йо1 йай и-м,

Ханкхаьчча,

НЕНАН ТАЖ

Хиламадеззачух

Баьссачу коьртана

Дазделла хьийзаерг,

Сел осала х1у лацар

Оьмарехь 1еткъадерг,

Ц1ийнаден стагвацар

Йоьлхуне киерчадерг!..

Довлийша орцах!