Алхьамду-лиллах1

Ильмади Цоккуев
АЛХЬАМДУ-ЛИЛЛАХ1 !

Дашо къолам кхоьллира Ахь,

Оцу къоламе яздайтира

"Лаилах1а Иллаллах1у

Мухьаммада РасулАллах1"

Хастам бу Хьуна, Веза Дели,

Оцу Хьайн ц1арах Шен ц1е х1уттуш,

Сийлахь Элча, и Мухьаммад

Хьайца- цхьаьна язварна.

Цхьа а зама билгал йоцуш,

Цхьа а доза тоьхна доцуш,

Хьуо хьехорца марзо елла,

Дика дира Ахь, веза Дела.

Хастам бу хьуна, Аллах1-Дела

Элча оццул Ахь вазварна,

Цуьнан умматах тхаьш кхолларна

Дегнийн токхо Ахь йаларна.

Хьуо везаран, Хьайх кхераран

Тоьлла масалш Шеха долуш,

Рухьула-жадд Шеца йолуш

Кхоьллира Ахь И Веза Дела.

Хьайна ма-лаъара кхоьллира Ахь И,

Хьайна ма-веззара кхиийра Ахь И,

Цунна хьакъдолччул вазвира Ахь И,

НабийюЛлах1, ХьабибуЛлах1.

Шен возаллин доза доцуш,

Кхолларан къайле Хьайгахь юьтуш,

Шен хьуьнарехь кхиниг воцуш

Кхоьллира Ахь И, Веза Дела.

Хьан Сийлаллин дургал дара И,

Куц исбаьхьа адам дара И,

Шен асхьабийн г1овла йара И,

Умматан Да, Сийлахь Элча.

Дуьненчу валар т1аьххьар долуш,

Зуьретан да Адам волуш,

Ибрах1имниг миллат долуш,

Кхоьллира Ахь И Веза Дела.

Хастам бу Хьуна Аллах1 Дела,

Шапа1атан да Ша волчун,

Пайхамарийн Эла волчун

Умматах Ахь тхо кхолларна.

Доссийра Ахь Цуьнга сийлахь Къур1ан,

Берриг барам шеца болуш,

Кхайкхо халкъе ийман, ислам,

Имамуллах1- каламуллах1.

Бакъо къаго нур ду Къур1ан,

Харцо хадо тур ду Къур1ан,

Делах вузу некъ бу Къур1ан,

Имамуллах1- каламуллах1.

Лаилах1а илАллах1у

Мухьаммада РасулАллах1

Цхьаьнадузуш Ахь х1оттарна

Ирс хили тхан Веза Дела.

Хьайн Хьабиби Мухьаммадан

Умматах Ахь тхаьш кхолларна,

Хьо цхьаъ хиларх, И бакъ хиларх

Тешна дегнаш Ахь даларна.

Нисйеш-тойинарг ЦОККУЕВ 1.

ВАЛАРНА КИЙЧА ХИЛАЦ-КХ...

Мулкалмовт деанера Ибрах1им волчу

Ибрах1има аьллера ва Мулкалмовте

Саэца деа Хьо, зиярте деа Хьо

Алахьа шега ва Мулкалмовта.

Саэца данц ша, зиярте деа ша,

Шен зияртдина юхаг1ур дай ша-м

Цхьа дехар дара шен ва хьоьга деха

Ахь дехар луолахь ва Мулкалмовта.

Саэца дале хьалхарчу дийнахь

Ахь хаам биехьа ва Мулкалмовта,

Ша ц1анлур вар-кха, ша кечлур вар-кх

Вайн Деле верза, Цуьнан киэл т1еэца..

Мулкалмовт деара Ибрах1им волчу

Ибрах1има аьллера ва Мулкалмовте

Зиярте деа хьо, саэца деа хьо

Алахьа Шега ва Мулкалмовта.

Зиярте данц Ша, саэца деа Ша

Кечлол Хьо х1инца вайн Деле верза

Ша дийхира хьоьга, хаамбе аьлла,

Ахь дехар даланц ва Мулкалмовта

Хьайн 1аьржа корта к1айбала боьлча,

К1адвалар, мало совйийла йоьлча

Хаам бара хьуна вайн Дала бина,

Кечлол Хьо х1инца вайн Деле верза.

Хьайн сирла б1аьрса кхоларе таь1ча

Хьайн сема лерса къордала доьлча

Хаам бара Хьуна вайн Дала бина

Кечлол Хьо х1инца вайн Деле верза.

Хьайн нийса букъасирт охьахьийза доьлча

Турпала голаш йазйала йоьлча

Хаам бара хьуна вайн Дала бина

Кечлол Хьо х1инца вайн Деле верза.

Нийсархой-уьйраш д1аэха боьлча

Дуьненан чемаш тазбала боьлча

Хаам бара Хьуна вайн Дала бина

Кечлол Хьо х1инца вайн Деле верза.

Хаамаш хилла-кх уьш Дала бина

Ца хии-кх шена ва Мулкалмовта.

Воккха вара ша, г1орасиз хилла

Саэцар дайдехьа ва Мулкалмовта.

.