Наггахь...

Ильмади Цоккуев
НАГГАХЬ...

Наггахь вонна куьг бехкениг воцуш,

Динарг вон дуй хиънарг хуьлу бехке.

Са сема йе б1аьрса ира доцуш

Висар г1оли хеттал дог а бехдеш.

Хьан сакхиечу хьажоп1елган ардам

Боьрзу, иэг1ош хьоьца зовкхаш

декънарг.

Цунна гома НИЙСО хьайх а кхардош,

Т1е ца лацахь х1етталц сийсиз хеттарг.


Амма хьо хьайн бакъдолчуьнца висча,

Дохковала тоахь цунна хьекъал,

Къинт1ера а волуш, мара витча,

Доттаг1алла хуьлу кхузза декъал.