Москвага

Ильмади Цоккуев
МОСКВАГА

Москва, хьо дукхаммо

Хестийна г1ала ю.

Кремлах д1ах1оттало

Кавказан анаюх.

Дуьненан халкъаша

Хьан нуьре ц1е зийна.

1аш ду уьш хьоьгахьа

Ойланаш ерзийна.

Хьан хьаьттахь тхьамданаш

Гулбалар пхьоьхане

Хийлазза дирзина,

Денош луш йоькхане.

Хьеший ахь къехкабац,

Къестабац: 1аьржа, к1айн,--

Тиллан уьш баьхкинехь

Машаран аьхна т1ай.

Лаьтта хьо, лаьттар ю,

Даймаьхкан дог хилла.

Цхьаьнгге ца кхийдадо

Ямартло, хьаг1, х1илла.

Москва, хьо дукхаммо

Хестийна г1ала ю.

Кремлах д1ах1оттало

Сан ц1ийнан анаюх.