Куйнаш догур, шайна...

Ильмади Цоккуев
КУЙНАШ ДОГУР, ШАЙНА...

1

Шайх хьаькамаш бархьамма

Кхоьллина б1арлаг1аш

Куьйгалли к1елхьарниш лоручу

Цхьаццаболчарна

Гечхилахь тамаша бу-кх,

Уьш аттахетарехь,

Адамаш

Бохийна хьийзабар,

Миска хиларна.

Догъэт1ош байина д1абаьхча

"Г1уллакхийн дай" боцу пекъарш,

Эцначу даржашкахь, хьенан гихь

1ан йохку эхьдоцу екхарш?

2

Шуна гиний,

Дуьйцуш а хезний-те,

Шайн лаамехь дукъ

Кочаэцначу стерчех

Дийцина дийцарш..?

Болуш а буй хьовха,

Хилан тарлуш буй-те

Говраша г1оматаш

Къуьйсуш теш хилларш..?

...Къахьега кховсийна

Лелаш ма бац ткъа,

И "хьена" меттигаш къуьйсурш.

Мас-мадарш юсийна,

Москалийн васташкахь

Шайл лахарчарна т1амхьоькхурш.