Кархдаьлча вайн а

Ильмади Цоккуев
КАРХДАЬЛЧА ВАЙН А

Денден вешина Селамханна

Тезетан къепехь ю эвла,--

Д1аваьлла юьртара стаг.

Цо б1аьргийн нег1арш т1екъевли

Дахарна веллачохь хаг.

Шаьш эриг нийса а хеташ,

И валар дийцаре до:

--Шен оьмар текхира цо вецаш.

--Х1умма а-м ца даьхьи цо.

--Цо даьхьна, дахьийна дац ткъа

И воьвзаш мел хилла дог?

--Ишттаниг лан атта дац-кха;

Барма хьуш тийсало ког.

--Хьажахьа, селхана ду-кх тхойша

Веача балхара ц1а.

"Т1ахъаьлла" ша хилар гойтуш

И тхоьца балбоккхуш 1ар.

"Воккхастаг, воккхастаг"--бохуш

Кегийраш, къанви-кх аш со",--

Г1евттича, охьахаар доьхуш,

Трамвайчохь аьллера цо.

Цо хьоьстуш догъэцна бераш

1а, ловзарш совцийна шайн;

Хиламаш охьучу хьерахь

Кхохкарийн галеш дац дайн.

Шайн кет1ахь хоий и 1ара,

Хьоьрсуш шен забарийн нур.

Цхьаъ цхьаьнга лийначохь хьарам,

Х1уттура нийсонан мурд.

Ткъа вала оьшучохь орцах,

Д1акхочий хуьлура и.

Хьовзура шен г1оран г1оддах,

1овшура вуонан ах стим.

Тахна ю тезетахь эвла,--

Д1аваьлла юьртара стаг.

Цо б1аьргийн нег1арш т1екъевли,

Дахарна веллачохь хьаг.