Иштта ду-кх и

Ильмади Цоккуев
ЦОККУЕВ 1илмади

ИШТТА ДУ-КХ И

Цхьаволчун юьхь т1ера

Маьлхан нур г1уьтту,

Вукхуьнан юьхь гича

1уьйкъан хан х1утту.

Цхьаволчун куьг 1овду

Шовкъ ца лайаллал,

Вукхуьнан куьйгах и

Хьакхадо халла.

Цхьаволчун ницкъ кхочу

Нийсо, бакъ толо,

Вукхуьнан--буххенца

Цо динарг дохо.

Цхьаволчун ц1ийх ду и,--

Халкъана вацар,

Вукхуьнан куьйгаш ду

Пайденна 1ахар.

Цхьаволчун массар а

Къобалйо т1амарш,

Вукхуьнан даима

Дашо бу к1ажаш.

...Цхьаволчун валар а

Беркате доьрзу,

Вукхуьнан дахар ду

Зуламех доьзна.

Доттаг1ий,

Хилий вай

Хьалхарниш санна?--

Дуьненан дозалла

Т1ехь лаьтта царна.