Забарх кхетачарна

Ильмади Цоккуев
ЦОККУЕВ 1илмади

ЗАБАРХ КХЕТАЧАРНА

Шайхис "Самуойелаш!.."--

Баьхна доллушехь,

Цхьаъ ю б1аьргаш

Суна т1ера ца бохуш.

Сан хьурмато цуьнан

Б1аьрса кхоллушехь,

1ийр дарий шу

Эладита ца доккхуш..?

Со поэт ву моьттуш

Лиела хир ю и. .

Йе "Варий, йо1..."--

Ешар ца нисделла-те?

("Оцу хенахь" бегаш

Тайннарг виезало-кх...).

Хьолан х1оттам

Харша муха билла-те?

Нагахь цуьнан хье ас

Шаберг "д1аэцнехь",

И х1ун дина

Меттаялор йара-те?

(Цо вадорна-м деа

Кхоьруш вац-кхи со...)

Ц1ерачуьнга

Ас и муха ала-те?

"Поэталло" бахам

Ца бой хууш ду-кх...

(Пхьоланчаш бац

вайн къамелан турпалхой).

Сберкнижка а ма яц

Т1аккха д1агайта!

Курорте а

Хаьаш дац-кх тхойша г1ой!