Дикаллина гонах

Ильмади Цоккуев
ЦОККУЕВ 1илмади

ДИКАЛЛИНА ГОНАХ

1

Диканна леринарг

Диканца чекхдалахьара...

Ахь дагчу хьажийнарг

Хийлазза дуьсу-кх арахь

2

Иштта-- д1а... дархьамма

Ахь динчу диканан хьурмат

Совдолу, кархдалахь,

Хьуо лоьхуш эшийта турмал.

3

Йе гоьлт1ехь ког кхабан,

Йе хаьнт1е х1иттадан куьйгаш,

"И дира ас"-- бахан

Дош дуй ткъа, лацар а луьйта?

4

Диканна йихкина

Юкъ ястан бехказло эшча,

Сапарг1ат 1аьхкинарш

Ма баха ца буучу, тесча.

5

Ца хилча кхуьийла

Диканиг бен диканан зирхах,

Х1уьншорто хуьлийла

Адамийн хьаштонан г1иллакх.

6

Сий азло дикаллин,

Лелийча, тхих хьалха йохуш.

Даржашлахь тилалой,

Т1аккха и... не1саг1е йолу.

7

Дикалла ц1ийх, т1амарх

Йоллург ву пана совдегар.

Бохкац цо и "бахам".

Комаьршша кхийдоршца зиерах.