Боху ас

Ильмади Цоккуев
ЦОККУЕВ 1илмади               
БОХУ АС ...

Хан кхаьчча НАНА хир йолчу

Йо1ана т1ера,

Ненан таж тиллина яьллачу

Зудчунна т1ера,

Зудчун дукъ нийсачу

Новкъа д1акхоьхьучу

Стиечунна т1ера,

Догдика, хат1 незиг хиларца

Вай реза шаьш динчу

Х1усамийн наношна т1ера,

Массо а Децина, Нецина т1ера,

Ненан ирс ца доьвзаш

Бисинчу зударшна т1ера...

Бала д1аайаре дог дохуш

Боху ас,

Шун дезчу дийнахь:

--Хуьлда шу кхид1а а

Хиллачул,

Шаьш долчул

СИЙЛАХЬ!