Говза-м йара и...

Ильмади Цоккуев
ГОВЗА-М ЙАРА И ...

Ма говза стаг ю-кх шун нана,--

Хьо оццул хаза-х йине цо.

Шех даьлла 1аламат талла,

Ас йигча могуьйтур дуй цо?

Куц-кепан сел тайна бустам

Карорна хастам бу цунна,--

Доцушдан хьол б1аьрла нускал

Кхиамца кархдаьллачунна.

Хьан б1аьргийн бух-к1орга 1аннаш

Билггала кхаьчна шайн метта.

Цкъоцкъамаш--кхин дац уьш саннарш!-

Йист жиммал лаьцначу беттан.

Чубуза лахлучу малхо

Босбина анайист--беснеш.

Тешна ву: сан оьмар яхло,

Цхьа-хьайха хьо елакъежча.

Месаша букъ чехабойца

Силаман хьесашха 1аьнча.

Ларйойла уьш басах к1айчу,

Дахаро,

Хьоьгахьа даьлла!

Говза а-м йара шун нана,

Хаза а-м йинера цо хьо,

Шен к1орни, хазаллех 1аба

Дадийча, къадоьхур дуй цо?