Сан нохчийн мотт...

Аза Атагинская
Сан нохчийн мотт, маржа я1 хьан!
Хьо бицбинарг мила ву-те.
Хуьйцуш кхечу къоман маттах,
Хьо ца лаьрраг нохчи вуй-те.

Сийна стигланийн тийналлехь
Олхазарийн эшарш санна,
Ломах дуьйлу шовда санна,
Зевне хилла дендайн багахь!

К1оргге маь1на долу Ден мотт!
Доьзалехь хьан ларам ца бо.
Сийсаз дина хьан х1ора дош,
Хьо ца хаарх дозалла до.

Хьо ца лоруш, хьо ца буьйцуш,
Мохк а, мотт а соьмах бухку,
Хьуна-м къиза кхел ю кхайкхош
Дуьнент1ехь хьо хир бац боху...

Маьлхан з1аьнарш, луо,я дог1а
Хьанал долу латта санна,
Кийрахь нохчийн дог долчунна
Дала вайн мотт хьанал бина!

Хьо бекалахь, сан ненан мотт,
Кху дуьненан массо маь11ехь!
Хьо дебийла, сан нохчийн мотт,
Ц1ийх д1аоьйла хьо бераллехь!

Азман Джабраилова
2014шо