Хьуьнаречу хьехархошна

Петимат Абубакарова
Хьехархо,ахь дукха  халонаш  лайра.
 Турпалхо хьох ала  мегар  ду майра!

Дахарехь т1еман к1ур,зуламаш  дайра,
Бохамехь лаьттира, собар ца дайра.

Нохчийчоь деньярехь  леци ахь дакъа,
Оьшучохь хьайн са-дег1 ца кхоош цкъа а.

Бакъдолуш,ца лехна ахь хьал  я бахам,
1алашдан  лийрина  берийн 1ер-дахар.

Хьол оьздий,собарей  адам  ца  дайна,
Даггара  хьегна  къа эрна  ца дайна…

Хьан хьуьнарх яздо-кха  мог1анаш байтийн,
Дуьненна хьан оьзда  г1иллакх  д1агайта!



                5-г1а октябрь, 2013 шо

http://stihi.ru/2020/11/17/3701