Йоккхачу Атаг1ахь

Аза Атагинская
Атаг1хойн 1едал ду
Т1еоьцуш безамца,
Шайн юьрта веача
Хьомсара хьаша.
Мерза шун х1оттадеш
Цу хьешан ларам бан,
Юьртахойн г1иллакхаш
Махкана довзийта.

Бераллехь левзина
Хьан хаза урамаш,
Кегирхой х1иттина
Хьан башха майданаш.
Мел генахь суо хиларх,
Цкъа хьо ган кхочур ю,
Хьоьга цкъа б1арг тоьхна
Яла со кийча ю.

Шу цкъа а хиллий- те
Йоккхачу Атаг1ахь,
Исбаьхьчу 1аламо
Кхелинчу юьртахь?
Дуьлийша Атаг1а,
Хьомечу сан юьрта,
Даимма хьаша-да
Везначу х1усмашка.

Мел генахь когаш лийзарах,
Муьлхха хиш ас мийларах,
Кхочур ю со Атаг1а,
Хьоме Орган хи мала...
Кхочур ю со Атаг1а,
Дагна дезна хи мала...

Азман Джабраилова
1973г.
с.Старые Атаги.

---------

Музыка Дени Сатабаева
Исполнила Хеда Хамзатова