Сан корехь акхтарго...

Аза Атагинская
Сан корехь  акхтарго
Мохаца хабаре даьлла,
Х1ора г1а лестадо,
Балхабеш цуьнга  шен бала.

Г1ад кура х1ай акхтарг,
Сема ладег1арх, со- м кхетац.
Шабаршца, леррина
Х1ун къайле ялхайо ахьа.

Лиъна - те, д1адаха
Шех терра талл долчче, дехьа.
Моьтту- те, хир дара
Самукъне цуьнца шен дахар.

Амал дац д1ахада
Орамаш кхобучу лаьттах.
Хьан дахар ду, акхтарг,
Лаьттат1ехь  ирахь мел лаьтта.

Орамех хьо хадахь,
Тосур ду, дечиг деш, ц1ерга.
Я пхьеран кара г1ахь,
Г1ант хир хьох, я хир хьох маьнга.

                Азман Джабраилова

------------
* Акхтарг, талл  -  тополь