Гуьйре

Аза Атагинская
Ломара  шелонца хьоькхучу махо
Х1аваэхь айдина, ловзадо г1аш.
Бос байна, цхардоьлла, хебаршка дахна,
Тахана шайн гаьннех д1ахаьдда уьш.

Цкъа мархех кескаш еш, уьш юха гулйеш,
Лаьттана кхоош, малх йийсаре лаьцна.
Къиекъачу стиглара дог1анаш 1енош,
Даимма ма ярра, гуьйре схьакхаьчна.

Г1ийла шайн тийжамаш 1енабеш лаьтта,   
Шайн т1емех терачу мархех  д1аийна,
Шайна бен цабевза некъ юьхьарлаьцна.
Къилбехьа д1аоьху г1ург1езийн жатташ,

Ишттачу мокхачу гуьйренан дийнахь
Сингаттам совбаьлча, са акха  долий
Г1ург1езийн асанна т1аьхьа а х1уттий
Д1адоьду, стигланан тийналле долий.

Азман Джабраилова
2007