Комаьрша гуьйре

Аза Атагинская
Мархашца лечкъаргех
Малх ловзабели.
Заманна къарйелла,
Аьхке чекхйели.

Шен басарш 1енадеш,
Ц1е деши ца кхоош,
Схьакхечи токхе
Комаьрша гуьйре.

Ялташ чудерзийна,
Юьзина сайраш.
Хьо токхе хиларна
Даккхийде адамаш.

Г1арг1улийн жатташ
Къилбехьа г1ерта.
Г1аш 1енош хьаннаш
Шабарш деш лаьтта..

1индаг1аш дахдан
Сихъелла суьйре.
Къоьжачу дахкарлахь
Ю х1ора 1уьйре.

Сан коран ангалех
Т1адамаш детташ,
Дог1а ду урамехь
Гулдеш шен 1аьмнаш.
              Азман Джабраилова

         Спасибо автору изображения.