Дай баьхна Йоккха Атаг1а

Аза Атагинская
Маржа я1, дай баьхна  Йоккха  Атаг1а!
Нохчийн ярташлахь- цхьа жовхар хьо.
Генахь хилча сатуьйссу цкъа кхачаре
Эвла йистте, хьоме бошмаш ган.
Хаза хета Атаг1а суо кхаьчча,
Ган сатесна хаза урамаш.
Кхузахь х1аваъ х1айбате ду дагна,
Доь1у са, ц1оналлах ца 1ебаш.
Махьмуда шен хелхаршца дуненна
Йовзийтира винчу юьртан ц1е.
Кеманахь ткъес етташ стиглан 1арше
Ляляс яьхьна, Атаг1а, хьан ц1е
Хийла оьзда йо1, яхь йолу къонахий
Даймахкана белла юрт хьо ю.
Теша тахна, яхьие дикчу к1енташа
Шайн хьуьнаршца ойъур ю хьан ц1е.
Маржа я1,сан юрт, сан хьоме Атаг1а!
Хьоьца яхар-м ца нисделла сан.
Далла хастам бо: сан чурт, со кхелхича,
Дуг1ур ду сан юьртан кешнашка

                А.М.Джабраилова.