lодикайойла хьан, доттагlа

Аза Атагинская
lодикайойла хьан, доттагlа.
Мерза хан яьккхи вай цхьана.
Хьан хlусмехь сан рицкъа хилла.
Ткъа хlинца волу со новкъа.

Кхолламо вай довзар делла.
Гергарло беркате хир ду.
Вай цхьана яккхина зама
Некъашкахь сан дагахь хир ю.

Доттагlа, лаьар-кха гойла
Даимна хьо уллехь сайна.
Хилладерг, дайнариг хьехош
lийр дара, ца туьгуш къаста.

Доттагlа, дуй биъна вайша,
Тешаме накъостий хила.
Де эшча дог эца, хало т1ееъча
Махкана гlаролле хlотта!

Доттагlа, волу со новкъа.
Диканехь вай вовши гойла.
Дайн г1иллакх лардечу кхерчахь
Дала рицкъ ма эшадойла.

                Азман Джабраилова