Сан ирс, хьо мичхьаша лела?

Аза Атагинская
Денна со тlейоьхуш хьайна,
Сан ирс, хьо мичхьаша лела?
Хьайна герга со мел гlерта,
Хьо-м сох уьдуш лела, хьаьдда.

Ирс дlадахна анайисте,
Тlаьхьа кхиълац, талларх аре.
Еъна суна мокха гуьйре,
Йоссош дагчу шийла суьйре.

Еза моьттуш со леллера,
Хьан гlиллакхех lехаелла.
Шийла гlура юьллуш кийра,
Схьа ца хьожуш, тlех хьо вели.

Нехан нускал хилла латта,
Лаам цкъа а хилла бац сан.
Доьху, яста деган къайле,
Ирсе кхоллам беха Деле.