Ма леха кхи соьца кхоллам...

Аза Атагинская
 Ма леха кхи соьца кхоллам,
 Сан б1аьргийн нур кхи ма леха.
 Кхи безам хьехабеш, хьайха
 Къиза ахь къахкийнарг ю со.

 Хьайн деган къизалла гойтуш,
 Хийла ахь чехийнарг ю со.
 Хьайн дешнийн кураллехь, ягош,
 Къаьхьа стим кхаллийнарг ю со.

 Ладег1арх, хезар дац хьуна
 Хьан ц1арца йоьлхуш сан аз.
 Йишхаьлла, тоххарехь дайна
 Хийла хьоь кхайкхина аз

 Йижаршка сан хабарш хоьттуш,
 Хьайх лаьцна дешнаш ма леха.
 Сайн безам чхар коча боьхкуш,
 Ц1ийн к1оргехь хьулбина яьлла.

 Сиегар бу азаллехь цхьалха
 Уллехь хьо хин воцу седа.
 Кошабарз безамна бина,
 Тоххара даьккхина саг1а.

 Ма леха кхи соьца кхоллам,
 Мацах ахь чехийнарг ю со...

              Азман Джабраилова