Лазамие ов даге тоьхнехь...

Аза Атагинская
Лазамие ов даге тоьхча,
Нехан дог дуй хаалахь.
Дашца хьайна цатам бича,
Хьайн къамелаш таллалахь.

Халхетарша логшад лаьцча,
Велхаран къурд бан дезнехь,
Кlоршамечу хьан дешнаша
Белхийнарш ма бицбелахь.

Шен йорт етташ зама йоьду.
Хастамхиларг сема ву!
Дахар охуш ахь тесна хlу
Кхиъна, доьхьал хlуттур ду!

Лазамие ов даге тоьхнехь...
Синтем Деле бехалахь.
Сингаттамехь, балехь долу
Нехан дегнаш хьасталахь.

             Азман Джабраилова