Са гур дуй-те

Аза Атагинская
Воккханиг са гуш вац, аьлла хезча,
Даггара къинхетам цунах бо.
Ткъа жимчуьнан бlаьрса ледара хилча,
Биъ бlаьрг-олий, дагна эшам бо

Жималлехь лиънера даим суна
lаламан хазалла дикка ган.
Нийсархоша:-"Хьан биъ бlаьрг бу"-аьлча,
lийжаме чов дагна хуьлура.

Бlарсенаш папки чу лечкъадора,
Эхь ду моьттуш, сайна ца гуш са.
Йоккха– м йера со, дуьнене хьежа
Ангали ши бlаьрг сайн хиларна.

Хетара:-«Сан бlаьргашна чухула
Кху дуьнене хьовсахьара шу,
Эр дацара дог лазадо дешнаш,
Сан лазамах кхетар дара шу!»

Урам-новкъахь доьхьал догlу адам
Довззал  сагуш зама хирий-те,
Книга еша, йоза яздан суна,
Стиглахь олхазараш гур дуй-те?

Гур буй техьа стиглахь лепа седа,
Мохо техко диттийн кегий гlаш?
Ган лаьар-кха бацалара зезаг,
Къоначу бецан хаза хелагаш.

Хlун дер тlаккха, вайн Везачу Дала
Делла суна иштта бlаьраса.
Елла яллалц лелор ду и сайца,
Хастам бо ас, Алхьамдулиллахl!

Азман Джабраилова