Ма хилахьа соьца къиза

Аза Атагинская
Сан сингаттам алсам боху
Хьан оьгlазе хьежаро,
Хьох сан хилла ойла харцош,
Дегалазам боккху сов.

Стигло лаьтта дохк lанийна,
Дlа-схьа хьежарх дуьне гац.
Наха кийра кхерам тесна,
Сан дагехь кхин синтем бац.

Зезагаштlе кlац йиллина,
Дагчу-м оьгу ира дерз.
Къа ца хеташ дог ахь lовжий,
Къиза хадош деган мерз.

Аренашца уьду ойла
Сихчу мохо пана хьо.
lаьржа буьйсанах де тарло,
Хьох дуьзна дог херцадо

Ма хилахьа соьца къиза.
Деган йовхуо суна луо.
Лаьа дахар хьоьца дуоза,
Херлур доцуш цкъа а хьох.

             Азман Джабраилова