Вайнехан зударшка...

Аза Атагинская
Дахаран т1ег1ан т1ехь: "тоьар ду ирс",- алий,
Аллах1ан дикане сатийсар иэшадай,
Дог-ойла д1ататтий, юха ма ялалахь,
Хьайн ирсе боьду некъ хада ма байталахь!

Делан ц1е яккхарца 1амалаш кхочушйеш,
Хьайн са а ца кхоош, Ийманехь нислолахь.
Аллах1ан ни1матех хаддаза хастам беш,
Цхьа к1еззиг галъялий, динах ма херлолахь!

Даймехкан во-дика хьай санна ларалахь.
Бакъ-харцо къевсинчохь т1еман к1ур баьржинехь,
Мостаг1чун де тоьлла сий дайъа и г1ортахь,
Цу Дадин Айбикех масал ахь иэцалахь.

Ден-ненан, йиш-вешин ларам беш хилалахь
Цара г1о дехначохь сихонца г1атталахь.
Доьзална эшначохь хьайн лаам толабай,
Мискъалан зарраталл мекхо ма гайталахь.

Ц1ийнден ларам беш, цуьнан сий лардарехь,
Шеко ца йолуьйтуш тешаме хилалахь.
Буо-берийн баланийн терго ян дезначохь,
Эсала дош алий, г1о дай дог хьасталахь..

Дика-вуо деъначохь йоха а ца юхуш,
Аллах1е деънарг лан доьналла дехалахь.
Дуьненан бахамах дог lеха долуьйтуш,
Схьаяьлла бух бицбай, хьайн сий ма дохкалахь.

Дика- вуо тоъал ду адамийн дахарехьехь,
Диканна ницкъ боьхуш, кхочушдан г1иртинехь,
«Сий долу, хьакъ йолу Нохчийн йо1 ю»,- ала
Хьох лаьцна, ца кхоьрруш, мегар ду, хаалахь!

               
                Азман Джабраилова
                Старые Атаги
                2007

                Опубликовано
                в газете "НИЙСО"
                №10 7 марта 2012г.
                Р.Дагестан