Хаза йо1, хьо х1унда йоьлху?

Аза Атагинская
Хаза йоl,хьо х1унда йоьлху,
Ирс гена дели-те хьуна?
Йоьлхуш хьо 1адда а йитна,
Бахна-те хьан аьтту лула?

Безаман пусар ца дина,
Вели-те везнаверг гена.
Шеконо сатийсам аьгна,
Синк1оргехь къаьхьа къурд битна.

Хьайн дагчохь лекхалле ойуш
Везначо дош аьлла дера?
Я дагна гергара хеттарш
Уьйр хадош, бевли-те хера?

Дашо малх шена схьакхетча,
1алам а самукъне хуьлу.
Беттаса ша хьеста доьлча
Буьйса а серла ма йолу.

Ма елха б1аьрахиш легош.
Дог хьостуш, йог1ур ю б1аьсте.
Баланаш хьох гена бохуш
Безамо тосур ду заза.

            Азман Джабраилова