Хьо воцчохь саде1а ца лаьа...

Аза Атагинская
 Хьо воцчохь саде1а ца хаьа суна.
 Садукъло, тешахьа, хьо воцчохь сан.
 Хьо воцчохь саде1а ца лаьа суна.
 Хьо воцчохь сан дахар ду ирча г1ан.

 Гуьйрено дог1анца елхайо мархаш.
 Йоьлху, г1аш lенадеш, сан корехь беш.
 Хьо воцчохь хаддаза б1аьрахиш легош,
 Доьлху дог. Иэшаме ю ойланаш.

 Шийла ю, еха ю хьо воцчохь буьйса.
 Шарал а дахло- кха и маьлха де.
 Жоп доцуш дуьсу сан эзарнаш хаттараш.
 Со йоцчохь саготта хьо хуьлий-те?

 Хьо воцчохь саде1а ца хаьа суна.
 Хьо воцчохь саде1а ца лаьа суна

                Азман Джабраилова