Сан Дог, цкъа а ма къарлолахь

Аза Атагинская
Цкъа хета дог ломал доккха,
Я мисхалгал хета жима.
Йогучу ц1арал хуьлу довха.
Хетало шан тархал шийла.

Сингаттамо м1араш тесча,
Хала киртиг т1ех1оьттича,
Диезачух шА ца 1абийча,
Барзах уг1у дог, я тийжа.

Шена товриг кхочуш хилахь,
Марзделлариг шега кхачахь,
Хуьлу дагца эсалалла,
Йоцуш цхьа а дегазалла.

Чимхилла ду дага реза,
Догреза ян дегайиезар.
Дог хилийта к1еда-мерза,
Диезачух дог 1абуо деза.

Вай ца кхеттал дог ду чолхе,
Ястац цо шен дегакъайле.
Сан Дог, цкъа а ма къарлолахь,
Детталолахь! Детталолахь!