Аллах1 Дела! Хьекъал лохьа...

Аза Атагинская
Аллах1 Дела! Хьекъал лохьа
Къоначарна хьехар дан.
Баккхийчарех пайда эца. 
Церан лаамийн ларам бан.

Веза Дела! Ахь г1о дехьа
Суна собар эшначохь,
Ца долуьйтуш ирча г1алат,
Латта нийсачу некъа т1ехь.

Х1ай сан Дела! Со ларъехьа               
Оьг1азаллех, харцонех,
Ц1арматачу, дегабаъмечу,
Ямартачу адамех!
               
Аллах1 Дела! Со ларъехьа
Боьхачу дегнийн къизаллех.
Мекарло сох йоккхуш гена,
Дог доьналлех дузалахь.

Сихъеллачохь к1оршаме дош
Аларах со ларйелахь.
Хьарамалла дагах хьакхлахь,
Къинхетам бай, ц1анделахь!

            Азман Джабраилова