Дог

Аза Атагинская
Дог догlу, я дог ца догlу.
Догиэтlа, я ловзадолу.
Дог хьегlа, хаьштигах догу.
Даго шена тамберг лоьху.

Дагна оьшу дегайовхуо,
Догдикчунна тlе догтовжуо.
Догкlеданиг доггах воьлху,
Догэцаре цо догдоху.

Цlена хуьлу дог, я lаьржа,
Дегволла ю, даге хьаьжжна.
Ду къинхетаме, я къиза-
Цу дегнашкахь лаьтта къийсам.

Хуьлу стешха дог, я майра.
Экаме дог, я чал дера.
Даго кхобу дегабаам,
Дог lийжош бу дагахьбаллам.

Кхолламо ло, дог ца кхоош:
Лазарш, цамгарш, сингаттамаш,
Дегаlийжамаш, цатемаш,
Оьгlазлонаш, дегбаамаш.

Буолатал а онда ду и.
Тlулгалла а деза ду и.
Къена- къона, хержар доцуш,
Эккхий, коша вижош ду и.