Сан бехк бу?

Аза Атагинская
Сан бехк бу?
Со цхьаъ ю бехке,
Хlинццалц ца кхетарна хиллачух...
Дагахь дерг хьулдан ца хиира,
Хlилланаш лело-м ца лиира.
Ма мотта  хlуттур ю гора.
Ма мотта дохур ду бехкаш.
Боьхачу дегнашка орца
Доьхур дац, суо холчахlоттарх!
Баркалла олу ас даггара,
Кхайкхича букъ берзийнчарна
Баркалла, ямартло лелош,
Со яха  lамийначарна.
Баркалла, сан некъаш хедош,
Яккхарна шуьйрачу новкъа.
Баркалла, къаьхьа къурд бойтуш,
Марзаллийн чам бовзийтарна.,
Я АЛЛАХl ! Хастам бо хьуна,
Ийман а, собар а делла,
Ца йожош, къинхетам бина,
Дахаран тlемаш даларна.

            Азман Джабраилова