Сказка на чеченском языке - 3

Вахит Хаджимурадов
                Вахит Хаджимурадов
                Туьйра

           Дог майра баба.

1уьйренца г1оттучу малханайоьлуш,
Жима йо1 Малика хьоьжура ирх!
Бацалахьтхидожош, берзина когаш,
Хьаьрсачумесашлахь баьццара ши б1аьрг.
1уьйрене маршалла делира йо1а,
Куьйгластош, хьаьстирамарханан к1уж.
Хелха а йолура, уьйт1ахь гуолоццуш,
Зарзарах тера цо лекхирайиш.
Уггар а гергара цу йоь1ан яра,
Къаналлекхевдинаденана цхьаъ.
Денаннаезара йо1ана ч1ог1а,
Бабина езара шен к1ентан йо1!
Бабицаловзуразезагийн уьйт1ахь,
Эсалахьоьстураденанас йо1.
Ирс дара цу кертахь самукъне дехаш,
Безамокхоьллина дара и ирс.
Наггахь ткъа хуьлу-кха – ирс долчу керта
Хьаьвзаш и оьг1азе шайт1анан мох.
Бабин цу ков-кертана т1ехула хьаьвзи
Кхоьлина, 1аржъелла мархананчалх!
1аьржачу мархашнаюккъаракъерзаш,
Лахенехоьжура ира ши б1аьрг.
Шуьйрачу т1емашца дора цо нека,
Бух боцчу цу стиглахь кхозура и!
Зезагийн цу уьйт1ахь Малика ловзуш,
Хьоьжура, хьоьгура, тебара и!
И шуьйра т1ам болу, и 1аьржа аьрзу,
Собар а кхачийнадоьссира чу.
Мох хилла хьаьвзира зезагийн уьйт1а,
Мискачу цу йо1ах туьйхира ка!
Малика айъирамархашнаюккъе,
Ядийнаяьхьира шен лома т1е.
Шастиглах г1оьртина лаьттачуломахь,
Д1алоцуш ламанан ира и бохь.
1аьржачу цу аьрзун бен бара кхозуш,
Бена чохь 1аш вара аьрзунан к1ант.
- Хьажал, к1ант, хьайн дадасдеъна и совг1ат,
Мел дика тайниг ю и хаза йо1!
Со лелавахача, ахьйо-кха г1овг1а,
И лаьмнашдиэкадеш, века-кха хьо!
Х1инца ю ловзаян и тайниг хьуна,
Сан к1ант, хьо ма велха, ма хьекхамохь!
Тайнигца ловза хьо, дадига хьоьжуш,
Кестта хьо хьуо хир ву – кху бенан да.
Шен дадех тера ву 1аьржа к1ант, тешна.
Дадичух тера ю хьаьвзина з1ок.
Тайнигахсамукъадаьлла цу к1ентан,
Малика лозорах тидам ца бо!
- Дада! И тайниг ас д1акхалла мегий,
Мел мерза хила мега и тайниг-йо1!
Хьажахьа, вадада, и охьаоьгу,
Ас караэций и? Ас тохий з1ок?
Малика йоьлхура, къинхетамбоьхуш:
«Аьрзулиг, ахь хьийза ма ехьа со!
Аьрзулиг! Ма тохахьа з1ок суна!» - бохуш,
Елхаранкъурдаш деш, доьхура цо.
- Самукъадаккха сан, сан тайниг-совг1ат!
Ас т1аккха тухур яц хьох ира з1ок!
Ткъа аса садо1ур сайнберахь парг1ат,
Хьо хелхайолушшехь, локхушшехьйиш.

Зезагийн уьйт1ара оьг1азе Баба
Хьаьжира стенгахь бу аьрзунан бен!
Шен йоккха г1аж буйнахьелира ара,
Чуха а оьллирацо коча шен.
Ворх1 ломана дехьарааьрзунан лома
Д1айолаелира, боккхуш сиха ког:
- Аьрзу, хьо даларахшуьйрачу т1ома,
Бабас хьан сихонца бийр бу-кха болх!
И майра Баба ма елира дехьа,
Буьтуш шен букът1ехьа цхьа лекха лам.
Шина ломана, кхааа ломана, беа ломана т1ехьа
Тилира сихонца, г1аттаеш чан!
Пхилам а бисирабабина т1ехьа,
Ялхалг1ачу ломах и тилира т1ех!
Эззар а ворх1 ломал иккхира дехьа
Дог майра и Баба, оьг1азло еш:
- Аьрзу, хьо ларлолахь, йог1уш ю Баба,
Аьрзу, хьо ларлолахь, яхьаш ю г1аж!
Аьрзу, хьо к1антаца д1аядий яла,
Дог майрачу цу Бабасмаддер хьан хаьж!
Чуханцабоьхкур бу Бабасшун когаш,
Гали чу доьхкина, д1ахьур ду шу!
Д1о бун чу йоьхкинчукотамийн санна,
Бабасшунбеха и т1ам бацбийр бу!
Ца тийширааьрзуш-ам, кхечира Баба,
Аьрзун цу уккал чу кхийтира г1аж!
Когаш абихкира: «Гали чу дала!» -
Олуш, цо гайтира шен буьрса г1аж.
Маликас шен Баба къевлирамара,
Аьрзун цу к1орнина дов дира цо.
Аьрзун цу бен чуьраелира ара,
Малика бабица – шу маьрша г1о!

Буьн чохь ду аьрзуш-амкотамийн метта,
Кест-кеста даг1йог1у аьрзушна г1аж!
Буьн т1ехула къаьрззина седарчий лета,
Зезагийн и уьйт1е батто йина маж!
Зезагийн цу уьйт1ахь йо1хелхайолу,
Зезагийн цу уьйт1ахь йишлокху цо!
Баба а йо1аца ловзаре йолу,
Наггахьа шорбо цо хелхаран гуо!
*******